Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Ибрам четар кІелара ара а ваьккхина, элира Цо: «ДІахьажал стигала, дагардел цигара седарчий, хьайга дагардалахь! Оццул дукха хир ю хьан тІаьхье». цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тІаьхьенаш хир ю хьан, уьш дІасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тІаьхьенехула а декъал хир ду. Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьІІера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тІаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цІе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац.
Выбор основного перевода