Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттийча, тхо гІенах лелаш санна дара. Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тІехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дІакхетар бу, Якъубан тІаьхьенах хотталур бу уьш. Эпрайман халкъ Сан хьоме кІант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогІу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», – боху Везачу Эло. Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара, лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара, Аса Исраилан массо а тІаьхье дІатоттур яра цара мел лелийна хІума бахьана долуш», – боху Везачу Эло. Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХІинца Ас Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цІе Ас ларйийр ю. Делахь а Аса ЯхІудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаІодаца а, туьраца а, тІамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кІелхьарбохур бу». Иза Аса Сайна лаьттахь дІаюьйр ю, „Къинхетам ца биначух“ къинхетам бийр бу Аса. „Сайн доцучу халкъе“ Аса эр ду: „Хьо Сан халкъ ду“. Ткъа цо: „Хьо сан Дела ву!“ – эр ду».
Выбор основного перевода