Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тІаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гІала“ а эр ду». Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теІадеш, мухІарца чІагІдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, гунаш тІехь а, малхбузехьа долчу акъари тІехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло. Ас Сайн халкъ йийсарера шен лаьтта тІе юхадерзор ду. Яссийначу гІаланашкахь гІишлош а йина, царна чохь баха охьаховшор бу уьш. Кемсийн бошмаш а йоьгІна, царах даьккхина мутта а муьйлур ду, бошмаш а кхиийна, царах бевлла стоьмаш а буур бу цара. Ас шайн лаьтта тІе охьаховшор бу исраилхой. Уьш кхин Ас царна деллачу лаьтта тІера лелхийна лелор бац», – боху хьан Везачу Дала.
Выбор основного перевода