Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“». Ахь элира: «Ас барт бина Айса хаьржинчу паччахьца, Ас чІагІо йина Сайн ялхо волчу Даудана: „Абаденналц Аса хьан тІаьхьенах стаг паччахь вина дІахІоттор а ву, массо а тІаьхьенашкахь хьан паччахьан гІант Аса лоттуьйтур а ду“». Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».
Выбор основного перевода