Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна хьалха аса Барухана тІедиллира: «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ХІара эцаран кехаташ – мухІарца чІагІдина долу кехат а, иштта чІагІдаза долу кехат а – схьа а эций, кхийрачу кхаби чу дІадилла, уьш заманан йохаллехь лардайта“. Хьажахьа, мостагІаша гІалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а гІалина тІелеташ болчу хашадхойн кара дІадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.
Выбор основного перевода