Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьаммо и сагІа баркаллин сагІа санна даккхахь, сагІа доккхучу дийнатца цхьаьна цо зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта тІехьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а, зайтдаьттанца эдинчу тоьллачу демах йина совсаза локъамаш а схьаян еза. Баркалла ала Везачу Элана! Цуьнан цІарна хастамаш бе! Довзийта халкъашна Цуьнан гІуллакхаш. Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. Цара Везачу Элана баркаллин сагІанаш а дохийла, ирсечу эшаршца Цуьнан гІуллакхех лаьцна дІа а дуьйцийла. Цу дийнахь аша эр ду: «Хаставе Веза Эла, деха Цуьнга, халкъашна Цуьнан гІуллакхех лаций дийца, Цуьнан цІе сийлахь хилар дагадаийта массарна а. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Иштта Везачу Эло Цийонан догъоьцур ду, цуьнан херцораш юкъахь болчарна синтем а лур бу. Цуьнан яьсса аренаш Іедан-беш санна йийр ю, цуьнан эрна аренаш Везачу Элан беш санна йийр ю. Самукъадалар а, хазахетар а хир ду цигахь, баркаллаш бохур ду, эшарш а лоькхур ю. Ахь мах баларца паргІатбаьхнарш юхабоьрзур бу. Эшаршца Цийон-лам тІе богІур бу уьш, гуттар а долу хазахетар хир ду церан кортош тІехула. Хазахетар а, самукъадалар а карор ду царна, сингаттам а, даккхий синош дахар а дІадевр ду. Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду».
Выбор основного перевода