11
синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагІанаш Сан деза цІа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хІунда аьлча Ас хІокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.