Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Іамор дац: „Веза Эла вовза“, – бохуш, хІунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тІера къечунна тІекхаччалц, Со вевзар ву, – боху Везачу Эло. – Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса». Ас шуна тІе цІена хин цинцаш деттар ду, тІаккха шайн мел йолчу боьхаллех цІан а лур ду шу. Шун массо а цІуйх Аса цІандийр ду шу. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета. «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду. Нагахь эсийн а, гезарийн а цІийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тІетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цІанбеш хилча, цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама.
Выбор основного перевода