Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догІа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац. Уьш Аса баийтина бац шу долчу, – боху Везачу Эло. – Цара Сан цІарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дІалохкур а ду, ткъа шу хІаллак а хир ду – шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а». «Ярми-ЯхІу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хІара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІух лаьцна: ‘ШамІа-ЯхІус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’. Аса иза боху, хІунда аьлча дуккха а богІур бу Сан цІарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Іехор бу.
Выбор основного перевода