Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хаза кхаъ бахьаш йолу Цийон, лекхачу лам тІе хьалаяла! Хаза кхаъ бахьаш йолу Ярушалайм, хьайн аз айдеш, дІаала чІоггІа! ДІаала, ма кхера! ЯхІуд-мехкан гІаланашка дІаала: «Хьажал, шун Дела схьавогІуш ву!» Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогІуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгІат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогІуш ю. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тІаьхьенан аьтто юхаметтахІоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГІала юхаметтахІоттийна хир ю ша хиллачу гу тІехь, ткъа гІалин гІап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю. Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьІІера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тІаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цІе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац. Сан къоман бераш тохара санна Іийр ду, цуьнан гулам Суна хьалха дІахІуттур бу. Цунна гІело ечарна Аса таІзар дийр ду. Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву, халкъан олахо царна юкъара хир ву. Аса Сайна тІеозавойтур ву иза, ткъа иза Сайна улло валор ву, хІунда аьлча Суна улло ван шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? – боху Везачу Эло. – Шу Сан къам хилла дІахІуьттур ду, ткъа Со шун Дела хир ву». Хьан хиндолчунна бу сатийсам, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш шайн махка юхадоьрзур ма ду.
Выбор основного перевода