Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхІугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоІуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна са а доІуш, кхузткъе итт шо дуззалц. Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: Кхузткъе итт шо дІадаьллачул тІаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таІзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса. «Уьш Бавеле дІахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тІекхаччалц уьш цу гІалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю». «ТІекхочур ду, – боху Везачу Эло, – Ас Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а дина дика ваІда кхочушден денош. Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре Ярушалайм-гІала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира.
Выбор основного перевода