Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус и волчу Малки-ЯхІун кІант Пашихьур а, иштта МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а хІара хабар эцна вахийтинчу хенахь: Ярушалаймера Ярми-ЯхІу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дІабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а. Динан да волчу Цапни-ЯхІус и кехат Ярми-ЯхІу-пайхамарна дІадешча, Везачу Элан цІа долчу далийра. Йигдал-ЯхІун кІант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цІа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхІуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гІаролхо волчу Шалуман кІант МаІсей-ЯхІун чоьнна тІехула а яра.
Выбор основного перевода