Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хІумма а ца дийцира, амма цара Сан цІарах хаамаш бина. Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“. Вовшашка дуьйцучу гІенаша Сан халкъе Сан цІе йицйойтур ю моьтту царна, БаІал бахьана долуш церан дайшна Сан цІе йицъелла ма-хиллара. Ла ма догІа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гІенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтІахь хила ца деза›. Уьш Аса баийтина бац шу долчу, – боху Везачу Эло. – Цара Сан цІарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дІалохкур а ду, ткъа шу хІаллак а хир ду – шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а».
Выбор основного перевода