Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Дауд-паччахьан тІаьхьенах волу яхІудхойн паччахь, ладогІа Везачу Элера болчу хааме – ахь а, хьан тхьамданаша а, хІокху кевнехула дІасалелаш долчу хьан халкъо а ладогІа! «Иштта боху Везачу Эло: „ХІокху гІалахь виснарг туьро, я мацалло, я Іожаллин уьно вуьйр ву, амма, гІалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хІонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“. Везачу Эло кхин а боху: „ХІара гІала, шеко йоцуш, Бавелан паччахьан кара дІалур ю, цо иза схьа а йоккхур ю“». ТІаккха Ярми-ЯхІус элира ЦІадукъ-ЯхІуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хІара гІала а цІарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу. Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хІара гІала церан кара дІа а лур ю, цара хІара цІарца ягор а ю, ткъа хьо царах кІелхьар а вер вац“». Амма ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо Ярми-ЯхІуга элира: «ХІинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхІудхойн кара со дІаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со». ТІаккха Ярми-ЯхІус элира: «Хашадхойн тІемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхІудхошка дІалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогІахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву. Нагахь ахьа хьо церан кара ца водахь, хир ду аьлла Везачу Эло суна дІадиллинарг хІара ду: ЯхІудхойн паччахьан цІа чохь бисина болу зударий хашадхойн хьаькамаш болчу дІабуьгур бу. Оцу зударша, хьох бела а буьйлуш, эр ду: „Хьан тешамечара хьо ле ма вина, хьан доттагІаша хьо къера ма хилийтина. Хьан когаш саззи юкъа ма бахана, хьан доттагІий хьуна гена ма бевлла“. Берриш а хьан зударий а, бераш а, дІа а бигина, хашадхошна дІалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хІара гІала цІарца ягор ю».
Выбор основного перевода