Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас дІахьедина долу хІара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неІалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дІасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Стигала йисте кхаччалц шу дІасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тІе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду. Шун Везачу Дала шун а, шун тІаьхьенан а дегнаш тІера пардонаш дІахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. ТІаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дІахьедина долу неІалташ шу дІалаьхкинчу шун мостагІашна а, шу цадезачарна а тІедерзор ду. Ткъа шу Везачу Элана тІе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугІур ду, ас тахана шайна тІедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тІера а схьадаьллачунна тІехь а тІех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХІунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара. Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша ладогІахь, кху товрат-хьехаман тептар тІехь дІаяздина долу Цуьнан весеташ а, парзаш а лардарца, нагахь санна шайн доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла шу тІедерзахь». КхидІа а юхаметтахІиттадехьа тхо, Веза Эла, якъаеллачу аренгахь Іовраш хецар санна. Ма кхера – Со хьоьца ву! Малхбалера хьан тайпанаш схьадалор ду Ас, малхбузера шу схьагулдийр ду. Къилбаседе Ас эр ду: „Схьало!“, къилбе а эр ду: „Ма сецабе!“ Юхаберзабе Сан кІентий генарчу меттигашкара, Сан зудабераш – дуьненан массо а маьІІера. «Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! – боху Везачу Эло, – Со шун олахо ма ву. Аса, хІора гІалара цхьацца стаг а, иштта хІора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тІе дуьгур ду. Аса уьш дІалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тІаьхье стам а лур ю. хІунда аьлча тІекхочуш ду, – боху Везачу Эло, – Аса Исраилан а, ЯхІудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахІоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тІе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“».
Выбор основного перевода