Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу паччахьан вукху тІеман хьаькамашна тІевахара. Хьаькамаша хаьттира цуьнга: «ХІумма-м ца хилла? И лартІехь воцург стенна веанера хьуна тІе?» «Шуна и стаг а вевза, цо хІун боху а хаьа», – жоп делира ЯхІус. Цуьнан ворхІалгІа шо долуш, динан дас ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан гІаролхошна а, паччахьан цІийнан гІаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цІийне ша волчу схьабалийра. ЯхІу-ЯдаІа цаьрца барт бира. ТІаккха динан дас, Везачу Элан цІа чохь цаьрга чІагІо а яйтина, паччахьан кІант Юаш гайтира царна. Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, эскаран хьаькамаш болчу гІаролхошка омра а деш, элира: «Иза могІаршна юкъара дІаяккха, ткъа цунна тІаьхьахІуьттурш туьраца байа». ХІунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цІийнан кертахь ма ейта иза». Динан да а, Везачу Элан цІийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кІанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхІус Делера болу и хаамаш беш хезча, Ярми-ЯхІу-пайхамарна еттийтира. ТІаккха цо, Ярми-ЯхІу Везачу Элан цІийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира. Дала таІзар дийр долу денош тІекхаьчна, Везачу Эло хьакъ дерг дІалур долу денош тІекхаьчна. ДІахоийла иза Исраилан халкъана! «ХІара пайхамар сонта ву, – боху цара – Делан Синах ша вуьзна моьттург хьекъалх ваьлла ву». Делахь а шун мостагІалла алсамдаьлла, аша дукха къинош летийна дела. ПахІалан къамел чекхдалале Виситас чІоггІа элира: «ПахІал, хьо хьераваьлла! Дукха дешаро талхийна хьо!»
Выбор основного перевода