Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чІогІа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю». Ткъа яа мегаш ца хиллал телхина йолчу вон инжирашца санна, – боху Везачу Эло, – Со хир ву яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуца а, цуьнан тхьамданашца а, иштта хІокху махкахь бисина болчу я Мисар-махкахь бехаш болчу Ярушалаймера шаьш кІелхьарбаьхначаьрца а. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тІехь уьш хІаллакьхилла дІабовллалц». Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таІош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца таІзар дийр ду, – боху Везачу Эло, – и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хІаллакдайтталц. Хьажахьа, мостагІаша гІалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а гІалина тІелеташ болчу хашадхойн кара дІадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.
Выбор основного перевода