Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Іийр ву иза. Иштта боху Везачу Эло: «ДІаязде цу стагах лаьцна, тІаьхье йоцуш волчу стагах санна, шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна, хІунда аьлча цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Дауд-паччахьан цІийнах ша хиларна, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дийр ду». Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дІавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхІу. Хьо кху шарахь лийр ву, хІунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“». Ас таІзар дийр ду ЯхІу-Якхамна а, цуьнан тІаьхьенна а, иштта цуьнан ялхошна а цара лелийна харцо бахьана долуш. Ас царна а, Ярушалаймерчу бахархошна а, иштта ЯхІуд-махкарчу нахана а Айса мел бийр бу аьлла болу бохамаш бийр бу’“».
Выбор основного перевода