Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ахьа зуда яло мегар дац, ма хилийта хьайн кІентий а, зудабераш а хІокху махкахь. Иштта боху Веза Эла волчу Аса хІокху махкахь бина болчу кІентех а, йоІарех а лаьцна, цу берийн дайх а, нанойх а лаьцна: И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
Выбор основного перевода