Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма аша Веза Эла цигахь лехча, шуна Иза карор ву, доллучу даггара а, шайн мел долчу синца а аша лехча. Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДІа а хІиттий, Везачу Далла лерина деза цІа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ а, Далла леринчу гІуллакхна лелош йолу язйина пхьегІаш а охьаяхкархьама». Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. ЯхІус Ахьаз-ЯхІу схьалахар тІедиллира. Цара Шамран-гІалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхІу, схьа а лаьцна, ЯхІуна тІе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхІу, дІа а воьллина, дІаверзийра, хІунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхІушаптин кІентан кІант ма вара». Ткъа яхІудхошна тІехь паччахьалла далур долуш Ахьаз-ЯхІун цІийнах цхьа а стаг ца виснера. Со дезарш суна а беза, со лохуш болчарна со карор а ду. Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Аса царна лаам лур бу Со вовзийта а, Со Веза Эла хилар дІадовзийта а. Уьш Сан къам хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву, хІунда аьлча уьш доггах Со волчу юхабоьрзур бу“. «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна,
Выбор основного перевода