Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аш йитина хир йолу цІе неІалт кхайкхош долчу хенахь лелош хир ю Ас хаьржинчу халкъо. Хьалдолчу Эло хІаллакдийр ду шу, ткъа Шен ялхошна кхин цІе туьллур ю Цо. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Мисар-махка кхалха а, цигахь Іан а сацам бина ЯхІуд-махкахь дийна биснарш Аса дІабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дІакхелхар бу! КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хІаллакьхир бу. Наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах Іадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу. Ткъа, охьа а воьжна, суждане ца ваханарг, цу сохьта цІе летта йогучу пеша кхуссур ву».
Выбор основного перевода