Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн динан дайшна и шадерг а дІало, цаьрга стигаларчу Далла хазахеташ долу сагІанаш дахийта а, паччахьан а, цуьнан кІентийн а дахарна тІера доІанаш дайта а. Хьуна гина дитт сийлахь вазвина а, чІагІвелла а волу хьо, паччахь, ву. Хьан сийлалла, лакха а даьлла, стигалшка хьалакхаьчна. Хьан олалла дуьненан йисте кхаччалц ду. Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доІанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а, паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тІера. Иштта доІанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама.
Выбор основного перевода