Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» ТІаккха Везачу Эло соьга элира: «Цу пайхамарша Сан цІарах бинарш харцкхайкхамаш бу. Уьш Аса баийтина а, къобалбина а бац, Аса цаьрга хІумма а ца элира. Цара бо хаамаш харцсуьрташна а, даьссачу паьлнашна а, шайн дегнийн Іехорна а тІехь лаьтташ бу. Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. Ярми-ЯхІу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхІу-пайхамаре: «ЛадогІал соьга, Хьанан-ЯхІу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хІара халкъ харцхаамах тешийтина. Ткъа аша, массо а Аса Ярушалаймера Бавеле дІабахийтинчу йийсархоша, Везачу Эло бохучуьнга ладогІа. Нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІуга дІаала:
Выбор основного перевода