Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ярми-ЯхІу, Бавелехь болчу массо а йийсархошка хІара хаам бахьийта: „Иштта боху Везачу Эло нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІух лаьцна: ‘ШамІа-ЯхІус шуна Делера болуш санна хаамаш бора, амма иза Аса ваийтина вацара. Цо шу харцхаамех тешийтира’. И хІума дар бахьана долуш, Веза Эла волчу Аса иштта боху: ‘Аса билггал нахьлимхо волчу ШамІа-ЯхІуна а, цуьнан тІаьхьенна а таІзар дийр ду. Шуна юкъахь цуьнан тІаьхьенах цхьа а вуьсур вац, ткъа цунна гур дац Аса Сайн къомана дан лерина долу дика, – боху Везачу Эло, – хІунда аьлча цо халкъ Везачу Элана дуьхьалдаьккхира’“».
Выбор основного перевода