Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалаймера Ярми-ЯхІу-пайхамаро кехат дахьийтира Набухди-Нецара Ярушалаймера Бавеле дІабигна болчу йийсархойх бисина болчу къаношка а, иштта динан дайшка а, пайхамаршка а, цигахь долчу массо а халкъе а. „Шайна цІенош а дай, цу чохь Іе, бошмаш дІа а йогІа, цу тІера стоьмаш а баа. Иштта боху Везачу Эло: „Шу Бавелехь долу кхузткъе итт шо кхаьчначул тІаьхьа Со шун аьтто бан хьожур а ву, Айса шух лаьцна аьлла долу дешнаш кхочуш а дийр ду, шу хІокху метте схьа а дерзош. ХІокхара боху: „Цкъачунна а вайна цІенош ден йолу хан тІе ца кхаьчна. Цу гІалахь вай кхерамехь дац, цигахь вай яй чу тесна жижиг санна ду“.
Выбор основного перевода