Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, хи санна, цІий Іанийна Ярушалаймана гонах, уьш дІабохка стаг а вацара. Цу бахьаненна Везачу Эло оьгІазалла Шен халкъана тІе йоссор ю, Цо, тІе куьг а кховдийна, таІзар дийр ду цунна. Цу хенахь лаьмнаш хир ду дегош, адамийн декъий а хир ду арахь Іохкуш, гоьргаш санна. И дерриг а хилча а, Везачу Элан оьгІазалла дІаялаза хир ю, Цуьнан куьг а дІакховдийна лаьтташ хир ду. Церан байинарш дІасакхиссина хир бу, церан декъашна тІера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цІийно. ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу. Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду». Церан декъий сийлахьчу гІалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гІаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жІарах дІатоьхна хилла.
Выбор основного перевода