Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юши-ЯхІун бархІ шо хилла иза паччахь дІахІуттучу хенахь. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора цо. Шен дайх хилла волу Дауд санна, нийсачу новкъа тІехь лелла Юши-ЯхІу. Цу некъа тІера я аьтту, я аьрру агІор дІа ца ваьлла иза. Паччахьалла деш долу борхІалгІа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхІу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхІуд-мохк а, Ярушалайм а цІанйира цо цигахь хиллачу халкъо Іибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гІуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цІуйх а. Ша паччахьалла дечу берхІитталгІачу шарахь, мохк а, Везачу Элан цІа а ша цІандечу хенахь Ацал-ЯхІун кІант Шапани а, гІалин хьаькам МаІсей-ЯхІу а, йозанча волу Юахьазан кІант Юахьи а вахийтира Юши-ЯхІус шен Везачу Делан цІа тодан. Ярми-ЯхІуга Везачу Элан дош кхечира, яхІудхойн паччахь Аминан кІант Юши-ЯхІу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхІу паччахьаллехь волу кхойтталгІа шо. И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. Хьо сашортехь бехачу хенахь, Ас хьоьга дІахьедира, амма ахьа ладугІур дац элира. Хьо къона долчу хенахь дуьйна а ахьа ла ца дугІура Аса бохучуьнга. «Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхІудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дІаязде. Юши-ЯхІу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хІара де тІекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дІаязбе.
Выбор основного перевода