Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхІугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоІуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Іиллинчу ханна са а доІуш, кхузткъе итт шо дуззалц. Везачу Эло элира: «Мохк хІаллакьхир бу, амма массо а хІума хІаллакдийр дац Аса. И латта цара доха ма дина, хІинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац. Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагІий схьабаьхкина, хІуманаш хІаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дІакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Іаш вац. Цо паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь Делан Йозанаш толлуш хьесап дича, со, Даниал, Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре Ярушалайм-гІала кхузткъе итт шарахь бохам хилла лаьттар ю аьллачу хенах кхийтира.
Выбор основного перевода