Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ІуцІа-махкахь вехаш вара Аюб цІе йолу цхьа стаг. Иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш вара иза. Ашур-мехкан паччахьо Саргуна ваийтина волу тІеман коьрта хьаькам Ашдод-гІалина тІе а летта, иза схьаяьккхинчу шарахь хІара хилира. ПирІун Іази-гІалина тІелатале хьалха Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера пІелаштамхойх лаьцна болу хІара хаам кхаьчна. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехь хиш ду хьаладовлуш, ткъа царах тІехйолу Іовраш хир ю. Уьш тІеевр ю пІелаштамхойн махкана а, цу тІехь мел долчу хІуманна а тІе, гІаланашна а, царна чохь Іаш долчу адамашна а тІе. Цигара нах орца даха буьйлалур бу, махкахь мел Іаш берш боьлхур бу. Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гІудалкхаша еш йолу гІовгІа а хезар ю. Цу гІовгІана юкъахь дай шайн берашка дІахьажа а, царна гІо дан а кхуьур бац, хІунда аьлча гІора дІадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду. Берриг а пІелаштамхой хІаллакбен де тІекхаьчна, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а дисина долу гІо дІахеда хан тІекхаьчна. Везачу Эло хІаллакбийр бу пІелаштамхой, КаптІар-гІайренах схьаваьлла мел виснарг. Шайн сингаттам а гойтуш, Іази-гІаларчу наха шайн кортош дІадошур ду, Ашкхилун-гІалара нах бист ца хуьлуш хир бу. ПІелаштамхойх дийна мел диснарш, дукха хир ду шу, шайн догІмаш а хедош, шайгара боккха сингаттам гайтархьама? „Мел лелар ду хьо, Везачу Элан тур, саццаза таІзар деш? – боху аша. – Юхадерзахьа хьайн батта чу, сацахьа, меттадолахьа“. Амма иза муха соцур ду, нагахь шега Везачу Эло омра дича? Ашкхилун-гІалина а, хІордан йистана а, тІелата омра дина Везачу Эло». qac Цqac*хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ІуцІа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тІекхочур буйла, тІаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла. Хуша а, ПІатІа а, Луда а мехкийн халкъаш а, Хуба-мохк а, дерриг а эделла долу халкъ а, иштта Дала ваІданца беллачу махкара бахархой а туьро хІаллакбийр бу’.
Выбор основного перевода