Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІагІйина гІала яссалур ю, цуьнан хІусамаш дІатесна хир ю, яьссачу арахь санна, адамаш а доцуш. Эса дежар ду цу меттехь, циггахь садоІуш а, гаьннаш тІера гІаш дууш а хир ду иза. Ткъа и гаьннаш дакъаделча, уьш кегдийр ду. Зударша, схьа а баьхкина, дагор ду уьш. И халкъ цхьана а хІуманах ца кхетарна, иза Диначо къинхетам бийр бац цунах, иза Кхоьллинчунна цунах къахетар дац. ТІаккха сан халкъ машаречу хІусамашкахь Іийр ду, кхерам боцучу цІеношкахь а, паргІато йолчу садоІучу меттигашкахь а. Цара хьан ялта а, мел болу кхача а дІабуур бу, хьан кІентий а, зудабераш а хІаллакдийр ду, хьан уьстагІий а, стерчий а дІадуур ду, иштта хьан кемсаш а, инжираш а дІакхоллур ю. Цара шайн таррашца хьуна чІагІйина хеташ йолу а, шу сатуьйсуш йолу а массо а гІаланаш хІаллакйийр ю. ХІара вон халкъ Сан дешнашка ладогІарх дІакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тІаьхьахІутту, царна Іамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хІокху доьхкарх терра хир ду – уьш цхьанна а хІуманна пайденна боцуш бина дІахІиттор бу.
Выбор основного перевода