Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирІунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КІаркамиш-гІалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирІунан эскар эшийра яхІудхойн паччахь волу Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгІачу шарахь. ХІара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам: «Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху: „Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай, тІом бан арадовла. Дошлой, шайн говраш тІе нуьйраш а тахкий, царна тІе а ховший, шайн гІемаш дІатахка. Иштта гІаьгІнаш тІедуха, гоьмукъаш а ирде“. Уьш, кхера а белла, юхабевлла хІунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агІор къемат ма ду царна тІегІерташ, – боху Везачу Эло. – Сиха водуш верг а ведда, кІелхьарвалалур вац, ницкъ болуш верг а баланех хьалхавалалур вац. Къилбаседехьа йолчу меттехь, Эпрат-хина уллохь, ког а тасабелла, уьш охьаоьгур бу. Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду? Цуьнан хиш санна, тІехдуьйлуш дерг мила ду? Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а, хин гаьннаш санна тІехдолуш а. Цо боху: „Аса дерриг а латта дІахьулдийр ду, цу тІера ерриг а гІаланаш а, царна чуьра бахархой а хІаллакбийр бу“. Дошлой, говраш тІе ховша! ГІудалкхаш чехка хахкийта! ТІемалой тІамана арабаха! Шайн турсашца болу хушахой а, пІатІахой а, иштта секхаІедаш дулуш болу лудамхой а, тІаме хІинца арадовла! ХІара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХІара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагІашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дІакхоллур бу, ша Іаббалц, церан цІий а молур ду, хІунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагІа кечдийр ду. ГалІаде а гІой, цигара хьайна молханаш схьаэца, ва хьоме Мисаран къам! Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу, хІунда аьлча хьуна хила дарба дац. Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тІемало вукху тІемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву». Мисар-махкана тІелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхІу-пайхамаре иштта хаам бира: «ХІара хаам дІакхайкхабе Мисар-махкахула, дІахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гІаланашкахь: „Лардаран раьгІнашкахь дІахІиттий, тІамана кечло, мостагІчун туьро хьуна гонах мел долу къам дІакхоллу дела. ХІаллак хІунда хилла хьан ницкъболу тІемалой? Уьш дуьхьал латталур бац, хІунда аьлча Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“. Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу. Уьш вовшашна тІе оьгур бу. Цара бохур ду: „Дуьло, юхагІур ду вай вайн халкъана тІе а, вайн махкана тІе а, хІаллакдечу туьрах кІелхьардовлархьама“. Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирІун эрна гІовгІа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дІаяхийти“. Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Паччахьо, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, – лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хІордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогІур ву шуна. Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хІума схьагулде, йийсаре даха кечам бе, хІунда аьлча Нуп-гІала ерриг а яссор ю, цхьа а стаг шена чохь ца вехаш ерриг а йохийна хир ю. Мисаран къам чІогІа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тІебогІу. Цо тІелаьцна балийна болу тІемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дІагІур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хІунда аьлча церан Іожаллин де тІекхаьчна, царна таІзар хуьлу де ду тІедеанарг. Мисаран эскар дедда дІагІур ду, лаьхьано санна хиш-ш а деш, мостагІийн эскар улло кхочучу хенахь. Уьш, шайн карахь дагарш а долуш, хьун хьакхархой санна, цунна тІе летар бу. Цара хьокхур ю мисархойн хьун, – боху Везачу Эло, – Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а. ЦІоз санна, дукха ду мостагІчун эскар, уьш багарбина а вер вац. ЮьхьІаьржачу хІоттор ду Мисаран къам, къилбаседехьарчу халкъан карагІур ду иза». Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таІзар дийр ду Ну-гІалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирІунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирІунах тешна Іаш мел болчарна а. Уьш хІаллакбан гІерташ болчу церан мостагІийн кара дІалур бу Ас уьш – Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тІаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Іаш хир бу», – боху Везачу Эло. «Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кІелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дІабигначу махкара хьан тІаьхьенаш паргІатйохур а ю. Якъубан тІаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац. Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, кхера ма ло, – боху Везачу Эло, – Со хьоьца волу дела. Шу дІасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хІаллакдийр делахь а, шу хІаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таІзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таІзар дийр ду».
Выбор основного перевода