Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта боху хьан Хьалдолчу Эло, Шен халкъ лардеш волчу хьан Дала: «Хьан куьйгара схьаоьцу Ас хьо тахкийна болу кад. Сан дераллах буьзна болчу хІокху кедара ахь кхин мер дац. Ас хьуна ницкъ биначеран кара лур бу иза. Цара хьоьга элира: „Охьайижа лаьтта, тхо хьайна тІехула дІасалелийта“. Ахь хьайн букъах латта а, урам а бира, нах тІехула лелийта». Нагахь санна уьш, хьан карара дІа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хІуъа хилахь а, дІамер бу и кад!“ Суна хІоьттина долу сурт, хьалха, Дела Ярушалайм хІаллакьярхьама веанчу хенахь Суна хІоьттинчу суьртах тера дара, иштта Кабар-хина уллохь Суна хІоьттинчу суьртех тера а дара. ТІаккха со бертал вуьйжира.
Выбор основного перевода