Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІа хІокху хІумане, бала хьоьгуш верг а, чагІар малаза вехна верг а. Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагІар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тІаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. Иштта, хьан диканиг а, вониг а хІаллаквийр ву Аса, Сайн тур баттара доккхур ду массо а стагана дуьхьал – къилбера дуьйна къилбаседе кхаччалц. ТІаккха массарна а дІахуур ду, Со Веза Эла вуйла а, иштта Сан баттара даьккхина долу тур юха цу чу дуьжур доцийла а’“. Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тІекхочур бу, хьан сийнна тІе юьхьІаьржо йогІур ю.
Выбор основного перевода