Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана а кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тІаьхьа ма хІитталаш, Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тІаьхьахІиттахь, царна Іибадат а деш, царна Іамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хІаллакьхир ду аьлла. Нагахь санна аша шайн Везачу Делан весеташка ла ца догІахь, тахана ас весет деш болчу некъа тІера шу дІадерзахь, хьалххе шайна бевзаш боцучу кхечу деланашна тІаьхьа шу хІиттахь, шуна неІалт кхайкхор ду. тІебаьхкина болчу нахана гІело а ца еш, байшна а, бисина Іаш болчу зударшна а гІело а ца еш, бехк боцучеран цІий а ца Іанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тІаьхьа а ца хІуьттуш шу лелахь, Веза Эла, Ахьа инзаре гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хІара хан тІекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хІума бахьана долуш массанхьа а гІараяьлла Хьан цІе. Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дІаала: ‹ДІадовла шайн вочу некъаш тІера, сацаде шаьш лелош долу хІуманаш, дІадовла кхечу деланашна тІаьхьара, царна Іамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хІокху лаьтта тІехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугІура.
Выбор основного перевода