Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла массо а халкъана оьгІазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хІаллакбан билгалбехира, уьш байа дІабелира. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгІна дела, – боху Везачу Эло. – Цара ла ца дугІура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дІадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугІура“, – боху Везачу Эло. Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.
Выбор основного перевода