Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІун олаллин дуьххьарчу заманахь Ярми-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элера хаам кхечира. Иза Іейламан бахархойх лаьцна бара. Массо а ницкъийн Везачу Эло бохура: «Ас Іейламан секхаІадкхоссархой хІаллакбийр бу, оцу къоман уггар боккха болу ницкъ. Ас Іейламана тІе иштта стигалан еа маьІІера биъ мох тІехьажор бу. Иштта массо а меттехула дІасабаржор бу Ас уьш. Дуьнен чохь цхьа а къам хир дац Іейламхой тІе ца дуссуш. Церан мостагІех а, уьш хІаллакбан лоьхуш болчарах а кхерор бу Ас Іейламхой. Ас царна бохам боккхур бу, иштта Сан чІогІа дералла царна тІе а ерзор ю, – боху Везачу Эло. – Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, уьш берриш а хІаллакбина дІабаххалц. Церан паччахь а, берриг а баьччанаш а хІаллак а бина, Ас Сайн паччахьан гІант дІахІоттор ду Іейлам-махкахь, – боху Везачу Эло. – Амма тІаьххьарчу деношкахь Аса Іейламан къоман аьтто юхаметтахІоттор бу», – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода