Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло уьш дІататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дІакхалхийнера, уьш хІинца а цигахь бехаш бу. Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Іу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахІоттае и гІала!’ Делан цІийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дІахІоттабе!’“» Паччахь хила Ша къобалвинчу а, цуьнга халкъаш карадерзадайта а, паччахьашна тІера гІаьгІнаш схьадахийта а, хьалха неІарш схьаеллаялийта а, кевнаш дІа ца къовладалийта а цуьнан аьтту куьг Ша схьалаьцначу а Къуреше иштта боху Везачу Эло: Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш. «Адаман кІант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гІелдина, Цора-гІалина дуьхьал цаьрга тІом а бойтуш. Массо а тІемалойн месаш тилла дІаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хІумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал». Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дІалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тІехь талораш а дайтина, церан бахам шен тІемалошна, алапа санна, дІабалийта. Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгІатна дІалуш ду, хІунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
Выбор основного перевода