Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана дийнахь Шехеман бахархой кемсаш схьагулъян арабевлира. Цара кемсех мутт а даьккхина, цунах чагІар а дина, шайн делан цІа чохь той дІахІоттийра. Дууш, молуш, Абу-Маликна неІалт а кхайкхош, Іаш бара уьш. Цундела со а, ЯІзирера бахархой санна, тийжар ву хІаллакйинчу Сибмерачу кемсийн бошмех. Шуьца хиллачух сайн бІаьрхиш Іенор ду ас, Хьешбон-гІалара а, ЭлиІала-гІалара а бахархой, хІунда аьлча шун кемсаш а, ялта а чудерзош хуьлуш долчу гІовгІанечу самукъадаларан метта тІеман маьхьарий детташ ду. Токхечу лаьтта тІера самукъадалар а, доккхадедар а дІаэцна, кемсийн бошмашкахь эшарш а ца лоькху, нехан баккхийбер а дац. Муттдоккхургашкахь цхьа а кемсаш хьошуш вац. Везачу Эло ирсе маьхьарий дІасацийна. Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чІагІо хилла дІахІуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гІап санна хир ву Иза. Іамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТІаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».
Выбор основного перевода