Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Везачу Эло цІерца а, Шен туьраца а массо а адамна тІехь кхел йийр ю. Цо хІаллакбина дуккха а хир бу. Ва исраилхой, ладогІал Везачу Элан даше! Везачу Эло кху лаьтта тІерачу бахархошка иштта бехк боккху: «Лаьтта тІехь тешаме хилар а дац, безам а, Дела вовзар а дац. ЛадогІа, лаьмнаш, Везачу Элан гІуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогІа! ХІунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху. Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду. Уьш ЯхІушапти-тогІи чу схьадалор ду Ас. Цигахь Ас царна тІехь кхел йийр ю Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш. ХІунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дІасадаржийна, Сан латта а цара дІасадекъна. Иштта, хьежа Соьга, – боху Везачу Эло, – царна дуьхьал тоьшалла дан Со гІоттур волчу дийне хьежа. Ас билгалдаьккхина халкъаш тІегулдар а, пачхьалкхаш тІегулъяр а, Сайн оьгІазалла царна тІе Іанорхьама а, Сайн чІогІа дералла царна тІе хьажорхьама а. Сан эмгараллин цІаро дерриг а латта дІакхоллур ду. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Выбор основного перевода