Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
араволу неІарш а дІакъовлале, хьерарчу тІулган гІовгІа а сацале, олхазаран озо хьо сама а ваккхале, эшарийн гІовгІа чекх а ялале. Къона чагІар латкъам беш ду, ткъа кемсийн таьллангаш маргІалъюлуш ю. Хьалха самукъане хилларш хІинца гІайгІане бу. Вотанашца самукъадаккхар а дІадаьлла, самукъадолучийн гІовгІа а сецна, пондарийн аьзнаш а дІатийна. Хьеран тІулгаш схьа а эций, дама ахьа! ДІадаккха хьайн йовлакх, хьалаайае хьайн коч. Голаш гучу а яхий, хийх дехьаяла. Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду». Аса хьан ирсе эшарш сацор ю. Адамашна кхин хезар дац хьан дечиг-пондарийн аз. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь мерз-пондар лоькхучеран а, иллеш олучеран а аьзнаш, шедагаш а, маІаш а локхучеран а аьзнаш. Цхьана а тайпана пхьераш кхин хир бац хьуна чохь. Болх беш хьийзаш йолчу кохьаран гІовгІа а хезар $яц хьуна чохь. Къуьданан серло а кхин хир яц хьуна чохь. Кхин цкъа а хезар дац хьуна чохь нускалийн а, уьш балош болчеран а аьзнаш. Хьан совдегарш бара кху дуьненахь уггар а хьалдерш. Хьуна чохь болчу бозбунчаша Іехийнера массо а халкъаш».
Выбор основного перевода