Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен халкъах а, Шен хІусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тІе. И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугІура. ХІинца церан дешнашка аша ладогІа деза! Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгІна дела, – боху Везачу Эло. – Цара ла ца дугІура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дІадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугІура“, – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода