Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!» Тхайн дайша санна оха къинош летийна. Оха вонаш а дина, Іеса а лелла тхо. Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». «Вай кхузахь хІунда Іа? ХьалагІовтта, чІагІйина йолчу гІаланашка дІадахийта вай, цигахь лийр ду вай! Вайн Везачу Дала Іожаллин кхел хадийна вайна. Цо дІаьвше хи муьйлуьйту вайга, Цунна дуьхьал вай къинош летийна хилар бахьана долуш. Тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла дахь а, ва Веза Эла, Хьайн цІеран дуьхьа гІо дехьа тхуна. Тхан ямарта хилар дукхазза а хилла. Хьуна дуьхьал къинош летийна оха.
Выбор основного перевода