Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царах массарах а хьанна ца хаьа, Везачу Элан куьйго и дерриг а дина дуйла? Вуй ткъа догІанан да? Хьан деш ду тхин тІадамаш? Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Хьажал, уьш хІумма а яц! Церан гІуллакхаш а пайда боцуш ду. Мох а, яьссалла а ю церан цІуш». Шу, исраилхой, Сан тешаш ду, – боху Везачу Эло. – Ас хаьржина Сан ялхо а ду хьо, Исраилан халкъ, шуна Со вовзийтархьама а, шу Сайх тешийтархьама а, Дела Со хиларх шу кхетийтархьама а. Сол хьалха цхьа а дела ца хилла, Сол тІаьхьа а хир вац. И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дІахІоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кІезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу. Цара цкъа а ца олу шайга: „Вайн Везачу Делах кхера деза вай. Цо вайна гуьйранна а, бІаьста а догІа а доуьйту, ялта чудерзочу хенахь мел оьшург а ло“. Царна юкъахь лелаш долу динан Іадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху, Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю. qac Иqac*штта дика ду собарца Везачу Эле ладегІар, гІолехь ду Цо кІелхьардахаре хьежар. Везачу Эле догІа даийтар дехалаш бІаьста. Веза Эла ву ткъес тухуьйтург а, нахана шортта догІа лург а. Иза ву хІоранна а аренгахь ялта лург а. ЦІуша зулам дуьйцу, пал туьйсучарна харцдерг а го, цара эрна гІенаш а дуьйцу, даьссачух синтем а бо. Цу бахьанина нах, уьстагІий санна, тилабелла лела. Царна гІело а йо, царна тІехь Іу воцу дела.
Выбор основного перевода