Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Мqac*ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла, Хьайн цІеран дуьхьа суна гечдехьа. ХІунда аьлча Хьуна хьалха тхан зуламаш дукха ду, тхан къиноша тхуна дуьхьал тоьшалла до. Оха дина зуламаш тхоьца ду, тхайн харцонаш тхуна евза. Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а». ТІаккха хІара халкъ Сох хІунда дІадирзина? Ярушалайм Суна массо а хенахь тешнабехк хІунда хуьлу? Іехорна тІаьхьабовлу уьш, ткъа Со волчу юхадерзарх къаьхка. Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доІа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо. Хьан цІарах тхан паччахьашка, тхан элашка, тхан дайшка, тхан дерриге а халкъе бистхуьлуш болчу Хьан пайхамаршка ла ца дугІура оха. Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхІудхой а, Ярушалайм-гІалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьІаьржачу хІиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дІадерзаре терра, Ахьа дІасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка. Ва Веза Эла! Тхан паччахьаш а, элий а, дай а юьхьІаьржачу хІиттина бу, оха Хьуна хьалха къинош летийна дела. Ткъа тхан Хьалдолу Дела къинхетаме а ву, гечдеш а ву, Шена дуьхьал тхо эргІаддевллехь а. Шен леш болчу пайхамаршкахула баийтина болу Цуьнан хьехамаш кхочушбархьама, тхайн Везачу Делан озе ла ца дугІура оха. Дерриг а Исраилан халкъо дІатеттира Хьан товрат-хьехамаш. Хьан озе ла а ца дугІуш, иза дІадирзира Хьоьгахьара. Цундела вайх неІалт а, сардам а бахана, цу Делан лай волчу Муса-пайхамаро шен товрат-хьехамаш тІехь язбина болу, хІунда аьлча Далла хьалхахь вай къинош хьерчийна. ТІаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тІе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гІалина тІехь хилларг цкъа а стигал кІел хилла а дац. Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, бохам беана тхуна тІе. Амма къинош леточуьра юха а доьрзуш, Хьо тешаме хиларан терго а еш, оха ца лийхира тхешан Веза Дела тхаьшна резахилийтар. Везачу Эло, нийса хан тІеяре а хьаьжна, вайна и бохам бина, хІунда аьлча Ша деш долчу массо а гІуллакхашна тІехь бакъ ву вайн Веза Дела, амма вай ла ца дугІура Цуьнан озе.
Выбор основного перевода