Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догІа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац. Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хІумма а ца дийцира, амма цара Сан цІарах хаамаш бина. Суна хезна Сан цІарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гІенах гина, суна гІенах гина“. Мел дахлур ду иза? Дукха лелар буй те и пайхамарш харцдерг а дуьйцуш, шайн дегнашкара болу хаамаш а беш? Ла ма догІа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гІенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтІахь хила ца деза›. Уьш Аса баийтина бац шу долчу, – боху Везачу Эло. – Цара Сан цІарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дІалохкур а ду, ткъа шу хІаллак а хир ду – шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гІенаш гушболчеран гІенех а ма теша. Цара Сан цІарах харцкхайкхамаш бо. Уьш Ас баийтина бац“, – боху Везачу Эло. Исраилан халкъана юкъахь даьсса сурт я мекара пал кхин цхьаммо а лелор бац. УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина Къобалдинарш ду бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш Іехорхьама.
Выбор основного перевода