Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тІе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тІе тиллина хІума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хІума а тиллина, боьлхуш дІаоьхуш бара. Ахьаб-паччахьо Іабди-ЯхІуга аьллера: «Вало, махкара массо шовда а, хи а долчу меттигашкахула чекхвала вайшиъ, жимма буц карор яцара те вайна, говраш а, вирбІарзаш а дийна йисийтархьама, бежанех цхьа а ца дайархьама». Ла ма догІа Хьузакх-ЯхІуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гІой, суна тІедуьйла. Шух хІораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тІера а, инжирийн дитташ тІера а стоьмаш доийла, иштта хІораммо а шен долахь йолчу гІу чуьра хи а молийла,
Выбор основного перевода