Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. Со халкъан баьччанаш болчу гІур ву. Царна хууш хила деза Везачу Элан некъаш а, шайна Дала тІедиллинарг а“. Амма цара массара а Цуьнан дукъ шайна тІера дІадаьккхина, шайн Цуьнца йолу массо а зІенаш а хедийна. пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Кхаш тІе а ма гІо, некъа тІе а ма довла: мостагІчун тарраш а, боккха кхерам а бу гонах. «Карахь тарраш долу мостагІий гІалина арахь бу, ткъа Іожаллин ун а, мацалла а гІалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гІалина чоьхьа берш мацалло а, Іожаллин уьно а хІаллакбийр бу.
Выбор основного перевода