Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара, хи санна, цІий Іанийна Ярушалаймана гонах, уьш дІабохка стаг а вацара. Тхьамданаша и халкъ нийсачу новкъахула ца дуьгу, цара дІабуьгурш туьлуьйтуш бу. Беллачеран декъий лаьттахь Іохкуш хир ду, стигаларчу олхазарша а, акхароша а дууш. Уьш царна тІера дІалахка цхьа а стаг а хир вац. «Цу заманахь, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахьийн а, церан тхьамданийн а даьІахкаш, иштта динан дайн а, пайхамарийн а, Ярушалаймерчу бахархойн а даьІахкаш церан кешнаш чуьра арайохур ю. Оцу нехан даьІахкаш дІасаяржийна хир ю малхана а, беттасинна а, стигалан седарчашна а кІелахь. Стигалара и хІуманаш хІокху нахана езара, царна хІокху наха гІуллакх а дора, уьш царна тІаьхьа а лелара, царах уьш дагадовлура, царна Іибадат а дора. Цхьаммо а юха схьагулйийр яц и даьІахкаш, уьш цхьаммо а дІа а юхкур яц. Уьш, лаьттахь Іуьллуш долу кхо санна, цигахь Іохкур ю. Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. Хийцалур дуй хушахочуьнга шен чкъор, я цІоькъе дІадахалур дуй шена тІера томмагІаш? Иштта вонаш дан Іемина долчу шуьга далур дуй дика хІума? Везачу Эло боху: «Аса дІасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дІасаяржош йолу кегаш санна. Иштта кхаж баьлла хьан, Аса хьуна билгалбаьккхина кхоллам бу иза, – боху Везачу Эло, – Со виц а вина, харцделанех хьо тешна Іаш хиларна. И нах Іожаллин уьнех лийр бу. Церан декъашна воьлхуш цхьа а хир вац, уьш цхьанна а метте дІа а бухкур бац. Церан декъий лаьтта тІехь, кхо санна, Іохкуш хир ду. И нах мостагІийн тарраша а, мацалло а хІаллакбийр бу, ткъа церан декъий олхазарша а, акхароша а дуур ду».
Выбор основного перевода