Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Наха хоьтту: «Оха марха кхобу, Хьуна хІунда ца го иза? Тхо кІезиг хилар гойту оха, цуьнан тидам хІунда ца бо Ахь?» Везачу Эло боху цаьрга: «Шаьш марха кхобучу дийнахь шайн лаам кхочушбо аш, кхечарна а хала белхаш бар тІедуьллу. ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Даха а гІой, Суна дийнаташ дагоран сагІа даккхаран метта, цунах долу жижиг сагІанийн кхидолчу жижигна тІедилла. Суна цунах хІумма а ца оьшу – аша-шаьш и дерриг а даа! Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дІасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Іойтур бу. Ас Сайн тур царна тІехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц». ХІокху гІалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хІаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гІалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кІелхьардаьккхина хир ду.
Выбор основного перевода