Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Холчохь ду сан халкъ, цундела хала ду суна а. ЧІогІа гІайгІане ву со, сан даг чу кхерам боьссина. Цундела иштта боху Веза Эла волчу Аса: „Аса кестта царна бохам боккхур бу, уьш цунах кІелхьар а бовлалур бац. Ткъа уьш Соьга кхайкха буьйлабелча, Суна хезар а дац. Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тІемало вукху тІемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву». qac Гqac*ІайгІанехь ма ду Цийонан некъаш, Царна тІехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хІинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоІарий а ма бу цуьнан йоккхачу гІайгІанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а. qac Зqac*Іенашца санна, гІалина гонах сиз а хьокхуш, билгалдаьккхира Везачу Эло цуьнан пенаш дохо. Цийонан йоІан пен божорхьама Шен куьг юха ца даьккхира Цо. Арахула йолу чІагІонаш, пенашца цхьаьна хІаллак а йина, елхийтира Цо. qac Бqac*оданечу метте охьахаийна Цо со, тоххарехь белла Іохкуш болу нах санна.
Выбор основного перевода